Конкурс «Хаарийн б1ов» в 8 кл.
25.04.2023Мехк-Дас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана д1акхайкхийнчу Нохчийн меттан шарна лерина, 2023- чу шеран, оханан беттан 25-чу дийнахь Гуьмсан к1оштан Комсомольскерчу йуккъерчу ишколехь нохчийн меттан, литературин хьехархочо Таибов Омаран Ларисас д1айаьхьира «Хаарийн б1ов» ц1е йолу викторина. Оцу викторинехь дакъалоцуш бара 8 –чу классан дешархой.
Викторинин 1алашо йара:
Дешархойн нохчийн меттан, литературин, г1иллакх-оьздангаллин хаарш таллар. Нохчийн матте, литературе, уьйр-марзо ч1аг1йар. Вовшашца лераме а, г1иллакхе а, собаре а хиларан хаарш кхиор.