Проект: «Урок на сцене» «Нохчийн литература кхиарехь «Серло» газетан мехалла»
28.11.20232023-чу шеран лахьанан беттан ткъе бархӀалгӀачу дийнахь Гуьмсе-гӀалинДадагова Данин цӀарах № 3 йолчу гимназехь дӀайаьхьира «Нохчийн меттан,литературин хьехархойн корматаллин говзалла (компетентность)лакхайаккхаран некъаш» цӀе йолу практически семинар.Семинаре кхайкхина бара Гуьмсан муниципальни кӀоштан ишколашкаранохчийн меттан, литературин хьехархой.Хьехархочо Абдулхалимова Ӏимранан Заремас йелира 8-чу классехь«Хандешан хӀоттаман сказуеми» цӀе йолу нохчийн меттан урок, хьехархочоЧермыханова Айсолтин Лизас 7-чу классехь нохчийн литературин урокехьдешархошца болх дӀабаьхьира «Гайсултанов Ӏумаран «Болат-ГӀала йожар»повестан исбаьхьаллин башхаллаш» цӀе йолчу темица.Абдуразаков ИбрехӀиман Шертбека йелира «Нохчийн литература кхиарехь«Серло» газетан мехалла» цӀе йолу сцени тӀехь урок.КӀоштахь а, республикехь а дика бевзаш, шайн балха тӀехь зеделларг долушболчу хьехархоша лаккхара мах хадийра урокашкахь дешархошца цхьаьнакъахьоьгуш белхаш биначу хьехархойн.Семинар йерзош, къамел дира кӀоштан Дешаран урхаллин методикинкхачойаран отделан методисто Салманиева Султанан Индирас. Цо баркаллаэлира гимназин куьйгалхошна, семинар вовшахтохарна а, дӀайахьаран хьелашкхолларна а.